Ассаламу 1алайкум Олхазар. Ас сайн ненанна(бабушкан) гечдар дехча, цунах къинхетам бар дехча, цун цунах пайд хир буй? Ас цунна дикнаг доьхуш до1а дича, цунна иза пайде хуьли(масала: цун каш нуьре дар дохуьш)? БаракаЛлох1!

Ва Iалайкум ассалам. Дера хуьлу. Дуккха а хьадисаш ма ду цу хьокъехь даьхкина. Пайхамара (Делера салават, салам хуьлда цунна) дукха деш хилла хIума ду веллачунна доIа дар, де олуш хилла а ду, къаьсттина цхьана адамана доIа дарца а, докъа ламаз тIехь доIа дарца а, велларг дIавоьллинчул тIаьхьа цунна доIа дарца а, кешнашка вахча дерриге кешнийн охIлунна доIа дарца а, вуьшта массо бусалба нахана доIа дарца а. Ткъа беро шен дена-нанна, йа шен дедена-денанна, ненадена-ненанна деш долу доIа кхин деза ду, хIунда аьлча иза цу веллачуьнан Iамал йолуш санна хьахийна ду хьадисехь: "цунна доIа деш хир долу цуьнан дика бер а", аьлла. Дала гечдойла хьан ненанна а, вайн массо гергарчарна а, берриге бусалба нехан беллачарна а!

View more

Ask @Olxazar:

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org