Ассаламу 1алайкум.Олхазар,х1ара хьадис бух болуш дуй? «Послушание родителям, это смывание больших грехов» Имам Ахмад (да помилует его Аллах)

Ва Iалайкум ассалам. Иза хьадис дац. Имам Ахьмада (Дела реза хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду уьш. Амма и дешнаш бакъхилар гойтуш хьадис ду. И дешнаш а, царшна тешалла долу хьадис а дийцина Имам ас-Саффарийнийс (Дала къинхетам бойла цунах), "ГIизаул-албаб" жайни тIехь. Цо тешаллийна далийна хьадис иштта ду:

Iумаран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна), цхьана стага Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) волчу а веана, элира аьлла: «Бакъдолуш, цхьа доккха къа латийна ас. Тоба дан аьтту буй-те сан?». ТIаккха Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Нана юй хьан?». Цо жоп делла: «Яц». Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттина: «Ненайиша юй хьан?». «Ю» аьлла цо жоп делча, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Делахь, цуьнца дика хила хьо». Тирмизийс дийцина иза оцу дешнашца.

Ткъа Ибн Хьиббана а, Хьакима а дийцинчахь цо цуьнга: «Да-нана дуй хьан?» аьлла хаьттина хиллера аьлла ду.

View more

Ask @Olxazar:

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org