السلام عليكم Са вопрос дlа кхаьчи? Я не умею норм пользоваться

وعليكم السلام
Хьан хаттар схьакхаьчча кхача-м, амма цунна жоп дала жимма хало долу дела Iийна со сихха хIумма ца олуш. Цу стага и зуда цига ца яхийтаран бахьана хIун ду хьаьжча дика хир ду цигахь, бакъонаш юьйцучул. Бакъонаш йийцар-къийсар тIедаьлча дика ца хуьлу доьзалера гIуллакх. Цхьа а бахьана доцуш хир ма дац цо иза цига ца яхийтар, хIуьттаренна валлаш хирг хир вац-кх иза, хIуьттаре еш хилча а цул хьалха цхьа хIума хилла хила деза цигахь. Цундела, бакъонаш йийцале-къийсале хьалха, цкъа доьххьара бахьане хьаьжча дика хир ду цигахь, хIунда, хIун бахьана долуш...? ТIаккха цу тIера дIа листа хьажа еза иза и хIума.

Мухха делахь а, сих ца луш, къийса а ца луш, деккъа таханлера цхьана дийне хьаьжна ца Iаш, тIейогIучу хенан ойла а еш (муьлхха а проблема цхьа хан яьлча дIайолу, тIехйолу, дIайоьрзу, дукха хьолехь йицлуш а хуьлу), паргIат некъ лелабе ала хьайн шиче.

Дала барт цхьаъ бойла церан. ВаллахIи, доккха хIума ду вайн доьзалшкахь боцу барт а, цунах хуьлу зен а.

View more

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org