ассаламу 1алайкум. ахь къузахь цхьане жоп луш язинер "Дала иблис толо бакъо ма лойла шуна". Из х1у бахаг ду?

Ва Iалайкум ассалам. Хьадисехь деана ма-дарра, доьзалехь барт бохор Иблисана уггар дукха дезачу хIуманех ду. Иблис бусалба нехан мостагI ду, хIора дийнахь цаьрца тIамна шен бIо арабоккху цо. ХIусамден а, хIусамненан а барт боьхча - Иблиса цаьршинна тIехь цу тIамехь толам баьккхина хуьлу. Ткъа, бусалба стагана а, зудчунна а Делера гIо оьшу Иблисана а, цуьнан эскарна а доьхьало йарехь, вай: "Ницкъ бац, гIора а дац АллахIаца бен, АллахIера доцург" аларан маьIнех цхьа маьIна а ду иза, Иблисаца болчу тIамехь вайна Цуьнгара доцург кхин гIо цахилар, вай Цо доладаре, Цуьнан Iуналле хьашт хилар. Цундела вай доIа дира царна, шаьшшингара гIалат далийтарца, барт ларбан, шайн доьзал ларбарехь лелон деза бахьанаш ашшимма ца лелорца, цу хIуманашца Дала Иблис толо пурба ма лойла шуьшинна, аьлла. ТIаккха, цаьршинна само а йара иза, Иблис цаьршинан барт бохо лууш хиларна а, церан девнаш-къийсамаш хилча Иблисо царна тIехь толам боккхуш хиларна а, цундела уьш цу хIуманах ларбала безарна а, цара цунна само йан езарна а.

View more

  • 119
    Posts
  • 85
    Likes

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org