Ассаламу алайкум,сан ваш! Аллахlа кхоъ доьзалхо велла сун. 2 кlант(9 бутт болш ву и шиъ), йоl-2 шо долш. Са хаттар дар,ас хlу лелич дик ду царна дин,lилма-дешар марзда(lамо)? Ахь эларкх,1 бутт кхачарца беран дешар(lилм) lамда деза. Ху хьехар хир дар хьа сун? Аллахl рез хийл.

Ва Iалайкум ассалам.

Дала диканца дукха бахабойла хьуна хьан доьзалхой, Дала беркат дойла хьуна церах!

Хьуна дийца дукха хIума дац сан хIинца, йа лелон деза бахьанаш сой кхин башха лелош а вац со, амма ши хIума хьахор дара ас.

Цхьаъ - хьо хьайн доьзалехь кхетош-кхиоран болх бан безий хууш хилар, хьо цунна саготта хилар уггар коьрта ду. Ахь хIара хаттар даро гойтуш а ду хьо иштта хилар. АллахI Дала аьтту бойла хьан, АллахI Дала гIо дойла хьуна, везан Дела! Цу хIуманна хьо даим саготту хилар коьрта ду хьуна, диц ма делахь..

ШолгIаниг: Уггар доккха хьехар - ешарца хьехар дар ду. Соьгахь дерг а, кхечуьнгахь дерг а, Дала мукъа лахь хьоьгахь хир дерг цу ешарна тIера дIадоладелла ду хьуна, цуьнца дIадаха дезаш а ду хьуна. Цундела, лераме ваша, бераш кхиорах лаьцна а, Iилма-дешар царна марздаран некъех лаьцна а, иштта и санна долчу кхечу белхех лаьцна а ахь уггар хьалха дича дийр долу уггар диканиг - ешар ду. Тахана вуно дукха жайнаш ду цу хIуманах лаьцна яздина, книгаш ю, статьяш ю, лекциш ю. Ас дукхах ерг Iаьрбийн маттара ерг йоьшу, вуьшта оьрсийн маттахь а дукха ю (хIинца хьуна схьайийца суна дукха ца йовзахь а), ингалс маттахь а ю, кхечу меттанашкахь а ю. Суна хьо стенгахь Iаш ву ца хаьа, масане хуьлу, хьо масала Францехь хила мега, церан мотт а хууш, йа Швецехь хила мега, цара язйинарг еша таро йолуш, цундела хьехадо ас "меттанаш".

Берийн психологих лаьцна, бераш кхиарх лаьцна, цара еша-язйан Iаморах лаьцна, воспитательни агIор цаьрца нийса некъаш лелорах лаьцна, иштта кхидIа а, кхидIа а.. Еша, лераме ваша. Говзанчашка хатта а хоттуш, муьлха, хIун ешча дика хир дара. Хьо Европехь велахь, библиотеки чу гIой, хьайна луур дIадийца белхалочуьнга, цо раздел тIевуьгур ву хьо.

Хала хир дуй? Хир ду, нагахь санна хьо ешарна марзвелла вацахь. Ткъа хьайн доьзалхочунна пайде дерг дIакхачорехь хало лан хьо кийча ца хилча, и жоьпалла ахь хьайна тIелаьцна ца хилча, хIунда...? Мила, хьо воцург...?

Школано уьш ашшимма, дас-нанас санна, кхиор бац хьуна. Школах тешна ма Iелахь. Нахах тешна ма Iелахь.

1 бутт кхаьчча дуьйна берана ешар марздеш хилар суна ешарера хиъна хьуна. Оцу суьрта тIера жайни тIехь ду иза иштта. Жимчу берана керайала мегар йолу, жима, ира сонаш доцуш, киншка цуьнан керайаларца, и цунна хьалха охьайилларца, цуьнан бIаьргаш хьалха и гуш хиларца, цу хенахь дуьйна, шена оьшург ша схьаиэцалучу хене и даллалц.. Дас а, нанас а цунна киншка ешарца, йа Къуръан дешарца, хIума йоьшуш цунна хазийтарца, жимма и доккха хилча цунна даим и гайтарца, аш шаьш масал гайтарца.. Шен чохь ша гIуллакх деш леллашехь, дийнахь масех джуз Къуръан керладоккхуш хилла йолчу ненаца 7-8 шо кхачале Къуръан дагахь Iамийна хилла нах бу тахана а дийна.

Цундела, уггар коьрта а, дика а хьехар - хьайна оьшучух лаций еша, ахь а, хьан хIусамнанас а. Дешнарг тIаккха жим-жима лелон а гIорта. Вуьшта-м, еккъа ешархьама ешаро-м кхин башха пайда а бийр бац.

Дела реза хилла хьуна! Дала аьтту бойла хьан!

View more

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org