Ассаламу 1алайкум!собар даиман деха ца мег ,собар баланц цхьан хуьла цундела даиман "Я Аллах1 собар ло ахь суна"бах мегш дац олш хезнер суна Масала са нервш дик яц, цхьан х1уман т1ехь к1езг долчун т1ехь сих карзах волш оьг1аз воьдш ву со, цхьа х1ум ца нисдаларци хуьлийл. Ас деха мегар дуй сайн собар

Ва Iалайкум ассалам. Мегна ца Iаш, деха деза ахь хьайна собар, хIунда аьлча хьоьца хьо собаре хила везаш долу бахьана ду - хьан нерваш дика цахилар. Халонца, баланца доьзна долу собар маца оьшуш ду - и хало тIехIоьттича оьшуш ду-кх, йа хьайна билггал хила мегачу баланна доьхуш ду, цундела, хьайгахь цхьа хало яцахь даим цу кепара собар доьхуш Iийр ма вац хьо. Цундела, собар баланца цхьаьна хуьлу бохучух ца кхета со-м.
Ткъа собар, деккъа цхьана халонца-баланца доьзна хилла ца Iаш, кхидолчу хIуманна а оьшуш ду. Масала, адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигехь оьшу доккха собар.
# Дахар ирсе хиларна дарба атта хилар карийна суна. Атта ду и, амма лерина а, саццаза лело дезаш а ду и. Хьекъалал алсам собар оьшуш хIума ду и.
Шейх Салман ал-Iавда
# Собар диъ кепара ду:
1 – Далла муьтIахь хиларехь собаре хилар.
2 – Далла Iеса хиларха собаре хилар (Iесалла ца йолуьйтуш, цунах ларвалар).
И шиъ – нисваларан некъийн бух бу.
3 – Дуьненан совнаха долчу хIуманех собаре хилар.
Иза – «зухIдан» (дог-ойла дуьненах йоьзна цахиларан) бух бу.
4 – Бохамашна а, баланашна а собаре хилар.
Иза – лекха хинволчу АллахIана реза хиларан а, къера хиларца болх берриге Цуьнан кера дIабаларан а, Цунах лаьцна йолу ойла дика хиларан а бух бу; цу диъ кепара долчу собарна юкъахь синна уггар халаниг а ду иза.
Шайхул-ислам Закариййа ал-Ансорий
(Дала къинхетам бойла цунах)
# https://soundcloud.com/dinul-islam/sintar_salman
# Iусман веара цул тIаьхьа, тIева́н пурба дийхира цо, тIаккха Пайхамара (ﷺ) элира: «Схьаваийта ахь иза, ялсаманица кхаъ а баккха ахь цуьнга, цунна тIехIуттур болчу цхьана баланехула». И волчу тIе а вахана, ас элира цуьнга: «Чу ва́ла.. АллахIан Элчано (ﷺ) кхаъ баьккхира хьуна ялсаманица, хьоьга кхочур болчу цхьана баланал тIаьхьа». АллахIана хастам бира цо, тIаккха: «АллахI ву-кх вай Шегара гIо лоьхург! Йа АллахI, собар луолахь суна», элира цо.
"Пайхамаран де" жайна.

View more

  • 125
    Posts
  • 85
    Likes

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org