Къуран дешаран суджуд динчул т1аьхь салам дал дези ламазехь сан?

Нагахь санна и сужуд ламаз тIехь Къуран доьшучу хенахь деш делахь – цигахь салам дала ца деза.
Ткъа, ламазал арахьа́ деш долчу сужудехь салам далар хьалха-хьалха хилла болчу Iеламнахана юкъахь дуьйна схьа шина кепара дуьйцуш хилла ду, масала, та́биIу́нех хилла болчу цхьаболчу Iеламнаха и сужуд дIадерзош салам дала деза аьлла, вукхара дала ца деза аьлла. Имам ШафиIийс а (Дела реза хуьда цунна), шина кепара аьлла ду цу хьокъехь: дала деза а аьлла а ду, дала ца оьшу аьлла а ду. Цул тIаьхьа хилла болчу цуьнан мазхIабера дукхах болчу Iеламнаха цу шиннах нийса а, чIогIа а лерина дерг – салам дала дезаш хилар ду.
Цундела, ламаз тIехь волуш и сужуд дечу хенахь салам луш дац. Ламазал арахьа́ и сужуд деш хилча, и дIадерзош салам лур ду.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more