Ассаламу 1алайкум ! Таравихь тах1аджуд цхьа ламаз дуй ? Маьждигехь я чохь доьзалц терхь дин, цул т1аьхь буьйс кхолаг1 декъе яхч т1ах1аджуд да меги?

Ва Iалайкум ассалам.
Дац, тахана лелоре хьаьжча и шиъ цхьаьна маьIнийца лелош дац, амма цхьаъ долуш санна нисдала а тарло и шиъ, нагахь санна цхьамма таравихь ламаз пхьуьйра ламазал тIаьхьа жамаIатехь а ца деш, тIаьхьатеттина деш хилахь.
ТахIажжуд - буьйсанна гIаьттина деш долу ламаз ду. Iаьрбийн маттахь и ду цуьнан маьIна. Цунах лаьцна деша кхузахь:
http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_niyyat_tahajjud.htm
http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_tahadjud_c1e.htm
http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_tahadjud_xan.htm
Ткъа, маьждигехь йа чохь доьзалца терхь а дина, цул тIаьхьа тахIаджуд дан мегий аьлча - мега. Ишттачу хьолехь витр ламаз тахIаджудал тIаьхьа дийр долуш тIаьхьататтар гIолий ду, терхьал тIаьхьа а ца деш. Терхьал тIаьхь витр ламаз дича, кхоно юха тахIаджуд ламан дан лаахь - и дан мегар ду, делахь а, вай ма-аллара, тахIаджуд дайн шен ойла елахь витр ламаз цул тIаьхьа дан тIаьхьататтар гIолий ду, буьйсанна тIаьххьара ламаз витр хилийта аьлла деана хьадис долу дела.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more