السلام عليكم و رحمة الله و بركاته Х1у хьукум ду художественный ،документальный а акхи йолу ишт литература ешар,? Аллах диканца бекхам Бойла

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI.
Йоьшучуьнга хьаьжжина хир ду иза.
1) Хьо цхьанхьа доьшуш велахь, (масала, лоьраллин дешар, йа педагогикан дешар) цигахь хьуна иштта литература ешар тIедожош делахь, ешар тIехь хуьлу хьуна.
2) Йоьшучух хьуна цхьа пайда хуьлуш белахь, масала маттаца доьзна долчунна, йа хьайн балхаца доьзна доьлчунна, йа цхьа керла дика хIума довзаран агIор - ешар дика хуьлу ахь иштта литература.
3) ХIара бу аьлла цхьа билггал пайда а боцуш (нагахь санна иштта хIума хила йиш елахь), йа хуьлуш цхьа а зен доцуш хьал делахь, ишттачу хьолехь муьлхха а кхидолу юкъара хIума санна (масала, яахIума яар, машен лелор, волавала аравалар, иштта дуккха а кхидIа) мегаш хIума хуьлу иза ешар, йа дика ду, йа вон ду олийла а доцуш.
4) Хуьлуш билггал цхьа пайда а боцуш (юха а, иштта хIума хила йиш йолуш делахь), билггал цхьа а зен а доцуш, дуккха хан йойъуш хьал делахь, ца йоьшуш Iадйитар дика хила а тарло иштта литература.
5) Ешарх билггал цхьа зен хуьлуш хьал делахь (масала, Iилман агIор кийча а воцуш, Делах тешарехь шеконаш кхуллу йозанаш, йа бозбунчалла Iамош долу йозанаш, и Iамо аьлла болчу лаамца), йа йоьшург ша цхьа маьттаза хIума елахь (масала, художественни литературехь эротический жанр, еккъа ешархьама йа самукъанна йоьшуш елахь) - иштта хIума ешар мегаш цахиларна герга хуьлу, хьарам ду аларна герга хуьлу.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more