Ассаламу 1алайкум.Хаттар дара ашариташ а салафиташах лаьцна.Шин тобано,салафи акъийдат т1ехь бу боху шаьш.1елам нах дуккхох бериш хьо хьажача 3 в д1аяллача,ашари акъидан т1ехь хилла.Салафиташ 7 в ибн Таймия веана,т1аккха 12 в 1абдульВахх1аб к1ант веана.Мичахь бу муджаддидаш оцу юккъенашкахь ?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI.
Уьш массо а Делан къинхетамна кIелахь бу, уьш массо а Суннатан охIлунах бу аьлча, и проблема дIаера йара хьан. ХIаъ, ю хьуна, иштта хила а йиш ю хьуна, ас иза сайгара бохуш а дац хьуна.
ТIаккха, кхин цхьа хIума а ду хьуна: дин шуьйра ду хьуна, доктрина а, идеологи а готта ю хьуна. Динах доктрина-идеологи йарх а, доктринах-идеологих дин дарх а ларлуолахь.
КхоалгIа, витр дузуьйтуш кхин цхьа хIума а ду хьуна: дерриге бакъдерг-нийсадерг шегахь ду ала йиш йолуш цхьа а Iеламстаг вац хьуна, тоба а яц хьуна, направлени а яц хьуна, царна мел чIогIа шаьш ду аьлла хетахь а.
Дала Шен динехь кхетам беллачерах дойла вай!

View more