Ассаламу 1алайкум. Делкъа ламазал хьалхи долу суннат ламазаш данза волуш, жама1ат д1ахоьттин хил ас перз ламаз дич, "делкъа ламази хан тиллаза йолуш", цул т1аьхьа ас юх хьалхар суннат ламазаш дечу хенахь, доькхуш - аьлла да дези ният, йа хьалхара суннат ламаз дан ният хилчаъ кхачам хуьлу?

Ва Iалайкум ассалам. Доькхуш дар - ламазана ниййат дечу хенахь хьахийча дика а долуш, амма ца хьахош диссича а ламаз галдаьлла ца хуьлучу хIуманех ду. Цундела, аьлча дика ду ахь иза, амма ца олуш дитахь а кхачам хуьлу хьуна цул хьалха долчух. Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more