Ask @Olxazar:

Ассаламу 1алайкум! Маьждиг чохь ца1 ламаз деш ву цхьа 5 метар генахь ву и цун хьалхахул вала мегар дуй, из ишт генахь валахь, сутра яц цун хьалха хоттийн ? Минимальное расстояние мел ю хьалхахул дехь вал мегар долш?

Ва Iалайкум ассалам. Оццул генахь хилча мегар ду. Цо сужудана корта тухур болчу меттехь цунна хьалхашхула валар дика хир дац сутра яцахь, сутра елахь хьарам хир ду. Сутра дукха генахь елахь хьарам хир дац, амма ца валар дика хир ду. Доцца аьлча, сутра яцахь - дехьа вала мегар ду, цо сужуд деш йолчу меттигехула доцург, ткъа иза - дика хир дац. Сутра елахь - иза дукха генахь яцахь цунна а, ламаз дечунна а юккъехула дехьавала мегар дац, иза дукха генахь елахь - мегар ду, амма ца валар гIолий ду.
ВаллохIу аIлам.

View more

Ассаламу 1алайкум! Масала ламаз хан хилла ровно, но азан деш дац маьждиг чохь муаззин т1аьхь вуьсш вукх. Цо азан даре ца хьоьжш хьалхар суннат да мегар дуй?

Ва Iалайкум ассалам. Билггал ламазан хан хиллий хаахь мегар ду. ВаллохIу аIлам.

View more

Ассаламу 1алайкум. Масала со 1едал болх беш ву, амма дукхах йол хан Къуръан 1амош д1айол са (сун дагахь 1амар ат де але до1 де Олхазар), ас доккхаш дол рицкъ хьарамам ца хуьл? Аллах1 дел рез хил.

Ва Iалайкум ассалам. Нагахь санна балхана новкъарло хуьлуш елахь, йа ахь хьайн бан беза болх кIел буьтуш белахь - нийса хир дац ахь цу хьолехь Къуръан Iамийча. Хьо балхахь волуш ахь дан дезарг - цу балхаца доьзна дерг ду, кхидерг дац. Цундела, ахь оьцу алапа а бакъонца оьцуш ца хуьлу ахь, хьарам хила кхерам бу хьан иза. КхидIа йолчу хенахь и хIума кхин ма де. Хьайгара белхан хьокъехь хьалха нисделла кхачамбацар меттахIотто а хьажа, жим-жима, болх дика барца, къахьегар жимма совдаккхарца.
Нагахь санна хьан беш болх боцуш, дан дезаш хIума доцуш, балха тIехь волчу хенахь мукъа хан нислахь - цу хьолехь Iамо мегар ду ахь Къуръан йа кхидолу хIума.
Дала аьтту бойла хьан! Хьуна Къуръан дагахь Iамо лаар чIогIа дика хIума ду хьуна, дика Iалашо а ю хьуна, цу тIера вуха ма валалахь. Дала гIо дойла хьуна и Iалашо кхочушйарехь!

View more

Олхазар Аллах1 рез хил хьун. Ас Духь ламаз 8 рака1ат до, а тому, кто выполняет 12 ракаатов, Аллах построит в Раю дворец из золота». (Ибн Маджа, Тирмизи) 12 рака1ат да меги и?

Вайна массарна хуьлда Иза реза. Нийса хьадисехь деана дерг бархI ракаIат ду. Шийтта ракаIатах лаьцна долу ши хьадис гIийла ду, цундела Iеламнаха цу хьокъехь шина кепара аьлла ду: цхьаболчара цуьнан уггар дукха дан йиш йолу ракаIаташ шийтта ду аьлла, оцу гIийла хьадисашна тIе а тевжина, хIунда аьлча и санна йолчу меттехь гIийла хьадисаца Iамал йан мегаш долу дела. Ткъа, вайн мазхIабера дукхах болчу Iеламнаха цуьнан уггар дукха дан мегар дерг бархI ракаIат ду аьлла, духьа ниййатца кхин совнаха дан мегар дац аьлла, бархI ракаIат уггар гIолий а, деза а дерг ду аьлла. МазхIабехь тIетевжаш дерг хIара шолгIаниг ду олий а даладо цхьаболчу Iеламнаха. Цундела, атта дерг - уггар деза дерг дар ду, ткъа иза цара массара а бархI ракаIат ду боху.
Ткъа дика хуург АллахI ву.
http://dinulislam.org/solatud_duha.htm

View more

Ассаламу 1алайкум. Сужудехь фарз ламаз а, суннат ламаз а дечу хенахь 1арбойн маттахь до1а да меги балдаш хье-даьш? Масала: Астаг1фируллах1 алар, я кхи долу муьллха а до1а да меги? БаракаЛлох1.

Ва Iалайкум ассалам.
Iаьрбийн маттахь мега, парз ламазехь а, суннат ламазехь а.
Кхечу маттахь ца мега цхьа а ламазехь, шафиIий мазхIабехь. ХIета а...: http://dinulislam.org/xattar/xattar_do1a_sujud_kximott.htm

View more

Ассаламу 1алайкум Олхазар. Хаьттарш дукха-м до ас. Са кхиъ хаттар дар : 1уьйра ламазал хьалхар суннат ламаз данза диснехь, малх хьалабеллачул т1аьхьа иза дар нислуш хилча, иза доькхуш до аьлла ният хила дези? БаракаЛлох1.

Ва Iалайкум ассалам. ХIума дац, ас сайна сихха жоп дала хуучунна жоп лур ду, Дала мукъа лахь, цахуург Iадда а дуьтур ду.
Хьайн лаахь хьахор ду ахь иза ниййат юкъахь, амма важиб дац иза, "доькхуш до" ца аьлча а нийса а хир ду иза, доькхуш а хир ду иза, шен хенал арахь ахь иза деш хилча. ВаллохIу аIлам.

View more

Ассаляму 1алайкум варохьматуЛлох1и вабаракатах1у. Т1аьххьар жуоп делчулт1аьхь дик хан ялла. Хьа шадерг дик хиларе сатуьссу.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Далла хастам бу-кх массо хьолехь, даиманна а! Цкъа цхьаъ, тIаккха важа нислуш, цхьацца хIуманаш тIеIитталуш, хIокху чу бIаьрг тоха аьтту ца болуш Iара. Бакъдерг хIунда ца олу, чIогIа хазахийти.. Дала дуьненахь а, эхартахь а хазахетар латтадойла хьуна! Шайн дикчу доIанашкахь тхо наггахь мукъа а хьахор доьху-кх. Дела реза хилла!

View more

Ассаламу 1алайкум ! Таравихь тах1аджуд цхьа ламаз дуй ? Маьждигехь я чохь доьзалц терхь дин, цул т1аьхь буьйс кхолаг1 декъе яхч т1ах1аджуд да меги?

Ва Iалайкум ассалам.
Дац, тахана лелоре хьаьжча и шиъ цхьаьна маьIнийца лелош дац, амма цхьаъ долуш санна нисдала а тарло и шиъ, нагахь санна цхьамма таравихь ламаз пхьуьйра ламазал тIаьхьа жамаIатехь а ца деш, тIаьхьатеттина деш хилахь.
ТахIажжуд - буьйсанна гIаьттина деш долу ламаз ду. Iаьрбийн маттахь и ду цуьнан маьIна. Цунах лаьцна деша кхузахь:
http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_niyyat_tahajjud.htm
http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_tahadjud_c1e.htm
http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_tahadjud_xan.htm
Ткъа, маьждигехь йа чохь доьзалца терхь а дина, цул тIаьхьа тахIаджуд дан мегий аьлча - мега. Ишттачу хьолехь витр ламаз тахIаджудал тIаьхьа дийр долуш тIаьхьататтар гIолий ду, терхьал тIаьхьа а ца деш. Терхьал тIаьхь витр ламаз дича, кхоно юха тахIаджуд ламан дан лаахь - и дан мегар ду, делахь а, вай ма-аллара, тахIаджуд дайн шен ойла елахь витр ламаз цул тIаьхьа дан тIаьхьататтар гIолий ду, буьйсанна тIаьххьара ламаз витр хилийта аьлла деана хьадис долу дела.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more

Ассаламу 1алайкум! Суннат ламазшкахь суджудехь мот карчош нохчийн маттахь до1 да мегар дуй? 1арбойн маттахь мегар ду нохчийн маттахь дац бохш хезнер сун.билггал цунах дерг х1у ду хаъ лаар.

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду, Дала мукъа лахь.
Хьажа: http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_sunnat_do1a.htm

View more

Ассаламу 1алайкум! Бере къуран кар ецит мегар дуй ?5 шо ду цун садикехь къуран деш 1амийна цун х1инц къуран деш буьйлалуш бу уьш.

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду.

View more

Ассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1и ва баракатух1у , Олхазар ахь йеша аьлла цхьа книга ( нохчийн маттахь цунах х1у олу ца хаа суна, йа жайна йа кхи дош) яра , вай амалш аьлла, и йешна ас , х1инца хьуна цунах лууш дерг х1у дар те аьлла висна со?!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI.
Ма шааЛлахI! Дела реза хуьлда хьуна и ешарна! Цунах пайда хьуна хьайна хуьлуш белахь а, даггара иштта доIа дан лаьа-кх суна хьуна: АллахI Дела реза хуьлда хьуна!
Ткъа, хьан хаттарна доцца жоп делча: https://ask.fm/Olxazar/answers/142330630775
Нагахь санна ца кхетахь, тIедогIучу шарахь кхин цкъа а ахь и ешахь, амма дикка ойла а еш, цу киншки юкъахь Абузара юх-юха дуьйцург хIун ду билгал а деш, цу юкъахь а, шен вукху кхаа роман юкъахь а цо цхьатера дуьйцург хIун ду билгалдаккха а гIоьрташ (Бексултанов Мусас шен "Сан вешин тIехьийза йоI" цIе йолчу киншкин чаккхенгахь, нохчийн литературех лаьцна долчу йозанехь, Абузара бинчу балхах лаьцна аьллачуьнга хьажалахь, хьайн жимма а и дан таро елахь), тахана вайн къомана коьрта оьшург хIун ду а, вайна хIинццалц хилларг-лелларг хIун бахьана долуш хилла а, и кхин ца хилийта вай лелон дезарг хIун ду а хьо кхетар хиларх тешна ву со, Дала мукъа лахь. Вай, аьтту хил-хиллачахь дийцина а, яздина а, хьехийна а ду иза пхийттех шо хьалха дуьйна, тIаккха цхьа 4-5 шо хьалха Абузаран и жайна дешча, цу тIехь цо ткъех шо сов хьалха дуьйна изза хIума дийцина хилар а карийна вайна (цхьайолчу меттигашкахь дешнийн къепе а тIехь нийсса цхьатера а нислуш), цу хенахь иза вайн къомана хезна хIунда ца хилла-те, вайга, кегийрахошка, иза схьа хIунда ца кхаьчча хилла-те бохуш дукха хеттаршка дийлина вай. Цигараа дIа Муса Бексултанов вевзина, къаьсттина "Орга" журнал тIера цуьнан кхо интервью, тIаьххьарниг стохкалера а йолуш. Доцца аьлча, лераме ваша, Дала гIо дойла хьуна! Хьуна а, вайна массарна а, вайн къомана а, вайн умматана а..

View more

Пояснение к вопросу : Можно ли брату и сестре оставаться наедине в одной квартире ? Считается ли это запретным уединением ? Есть ли порицание за то, что я в целях предотвращения греха или путей ведущих к нему не желаю оставлять их одних? Если двое уединятся то третьим с ними будет шайтан.

Приведенный хадис, а равно и вытекающий из него запрет на уединение, не относится к близким родственникам, о которых говорится в Священном Коране: 4:23. Не относится потому, что между ними нет места вожделению (если путем внешнего вмешательства не нарушено то естественное, здравое состояние, в котором рождается каждый человек). Именно поэтому я и не понял этот вопрос в первый раз. Ответ, как я думаю, очевиден.

View more

Ассаляму 1алайкум варохьматуЛлох1и вабаракатах1у. Ваш, Шамиль Аляутдиновиг ладог1а мегар дуй? Аллах1 диканц бекхам бойла.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. Адамех лаьцна дечу хеттаршна жоп ца луш некъ бу ас сайна лаьцнарг, цундела хIокху итт шара чохь иштта долчу хеттарех ларвала гIоьртина со, цхьаъ йа шиъ доцург. ХIинца хIара тIаьххьарниг хиларе а догдоху ас..
Суна хетарехь, гучахь долчуьнга хьаьжча (ткъа, къайлах дерг хуург АллахI ву!), вуно дукха пайда беш ву иза, Iилманан белхаш а ду цуьнан дина, дуккха къахьоьгуш а ву иза. Коьртачу декъана цхьа агIо схьа а лаьцна, ша вехачу метте хьаьжжина, заманах ша кхетаре хьаьжжина. И вехаш-Iаш йолу, цо болх беш йолу гIала а, вай долчу мехкашкара кегий гIаланаш а цхьатера яц, церан хьелаш а цхьатера дац, цундела, къахьегаран некъаш а массеран цхьатера нислур дац.
Цундела, масала, цо юкъа-кера Шекспир хьахорах галдаьлла хIума дац. Масех бIе миллион адамо буьйцучу оьрсийн маттахь Бусалба динах лаьцна дерг яздечу хенахь, дуьнена тIехь уггар йоккха пачхьалкхан коьрта гIалахь Бусалба динах лаьцна дуьйцучу хенахь Шекспир а, кхиверг а юкъа-кера хьахо вогIу. Баккхийчаьрга дуьйцург а, кхузаманлера кегийчаьрга дуьйцург а цхьатера ца нисло (хIинцца жимма хьалха, цхьана жимчу стагана цуьнан книга яхьийтира ас совгIатана, цуьнан хьолаца и йогIуш ю аьлла сайна хетта дела). Хьо хьаьнга вистхуьлуш ву хьаьжжина къастам бан безаш хуьлу. Иштта ду иза Iилмангахь.
Ткъа, гIалат ца долуш а цхьа а вац. Иза а хаа деза, цунах а кхета веза. Бакъдерг дерриге цхьана стагехь йа цхьана агIонгахь хир дац. Шеца цхьа а дика доцуш бусалба стаг хуьлийла а дац. Декъал хилларг мила ву? Шен гIалаташ дагардаллал бен цахилларг ву-кх. ХIара а, важа а, кхин а, аьлла, дагардаллал бен кхин гIалат дацахь - иштта стаг декъал хилла ву хьуна.
Бусалба нахана питане, зуламе, балеваьлла ца хилчахьана, даим луьйш, сихлуш, хедош, кегдеш, дохош ца хилчахьана. Ишттачерах, верлахь, ларлолахь.
КхидIа долчунна... ЛадогIа, деша, дуста, ойла йе!
Пайде дерг схьаиэца, гIалат дерг Iаддита.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more

Ассаламу 1алайкум! Азан деш долш ламаз да мегар дуй?

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду. Амма гIолий дерг азан дина даллалц ламаз дIа ца дехкар ду, азанан дешнаш тIаьхьара алархьама а, цул тIаьхьа деш долу доIанаш дархьама а.

View more

А1узу би1иззатикя-ллязи ля илях1а илля. Анта-ллязи ля йамуту, валь джинну валь инсу йамуту. Олхазар оцан маь1н мух ду?

Абдуллах1
И дешнаш Бухарийс дийцинчу хьадисехь ду, Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) цу дешнашца доIа дора аьлла, и дешнаш олура аьлла. Церан маьIна: "Со ларло Хьан нуьцкъаллийца (Хьо нуьцкъала хиларца), Хьо воцург кхин дела воцург ву Хьо, лийр воцуш верг ву Хьо, ткъа жинаш а, адамаш а леш ду".

View more

Ассаламу 1алайкум варохьматуЛлох1. Аса сайн ден т1ера саг1ийна х1ума еллача.Цуна и мел хуьлу.Т1аккха суна хуьлий мел ?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI.
Дела комаьрша ма ву, адамо дина долу дика дойъуш ма дац Цо цкъаъа.
Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, цхьана зудчо Пайхамаре (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) хаьттина хиллера аьлла: "Сан нана цIеххьана йалар нисделла, цуьнан йистхила йиш хиллехьара цо сагIа делла хир дара аьлла хета суна. Ас цунна тIера сагIа делча суна мел буй?". Пайхамара (Делера салават, салам хуьлда цунна) жоп делла: "ХIаъ".
Цуьнан маьIна деш Имам Нававийс аьлла: "ХIокху хьадисехь веллачунна сагIа далар а, иза дика хилар а, цуьнан мел цунна дIакхочуш хилар а, цунах цунна пайда хуьлуш хилар а ду, и сагIа делла волчунна цунах пайда хуьлуш хилар а ду. Иза дерриге бусалба нехан бартхилла хIума ду".

View more

Ассаляму 1алайкум варохьматуЛлох1и вабаракатах1у. Ваш, дуьненчу даьл долу беран лере азан дар бух болш дуй?

Ассаламу 1алайкум ва варахьматуллах1и ва баракатух1у Са ваш къор1ан дешач хенахь ламаз т1аьхь волуш , цхьа аят массийттуз деш мегар дуй ?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI.
Айат тIехь ойла йаран Iалашонца ламаз тIехь къаьсттина цхьа айат дешар дика ду аьлла Iеламнаха. Масала, Имам Нававийс шен "Ат-Тибйан" жайни тIехь аьлла иза иштта дика ду аьлла, цул тIаьхьа шиъ хьадис далийна цо, Пайхамара (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) цхьана ламазехь цхьа айат юх-юха доьшуш дуккха хан яьккхинера аьлла. Цхьацца асхьабаша а, церал тIаьхьа хиллачу Iеламнаха а и деш хилла хилар а дийцина цо.

View more

Ассаламу 1алайкум. Къуръан доьшуш, сужуд дечу кхаьчча, и дан аьтто ца хилча, дешча дик ду аьлла хезнер суна х1ара дешна диозза(4): Субхьаналлахlи, Валхьамдулиллах1и, Валаилах1аиллаллах1у, Валлах1уакбару. Бух болуш дуй и, суннатехь деан дуй и? БаракаЛлох1.

Ва Iалайкум ассалам. Цхьаболчу Iеламнаха хьахош ду иза иштта, и дешнаш алар дика ду олий. Къаьсттина цу хьокъехь деана хьадис-м ду моьттуш вац со. ВаллохIу аIлам.

View more

Ассаламу 1алайкум. Рукъя олуш йолу хьа сайти т1ер аудио файлиг ладог1а вол веллер со. Ас доьххьар ладуг1уш (2 к1ир хьалха) суна аьрру кога чохь йовхо йолуш санна хаъделира, юха белшаш т1ехь зуз дола делира, потом букъа т1ехь лопаткаш юккъехь п1аьлг т1ета1ийна санна лазар хилира. И х1у хил йиш ю?

Ва Iалайкум ассалам. Кхузахь а, хIокхул тIаьхьа а ахь яздинчуьнга хьаьжча - ахь цу аудиога юх-юха ладоьгIча дика хир дара аьлла хета суна. Цуьнца цхьаьна, кхузахь язйинарг лелийча а дика хир дара аьлла хета, хьайга лелалуччул: http://dinulislam.org/darba_sihr.htm

View more

Асаламу 1алайкум. зудчун ц1е хич никях галм ца дол?

Husayn
Ва Iалайкум ассалам. Ца долу.

View more

Ассаляму 1алайкум варохьматуЛлох1. Ма ша Аллах1. Хьай дешарел совнах йолу кхи литератур еша ларо, хан хилийта и де муха нис дан деза? Со санна и хан цатоьаш вуй те цхьа?!( Ахь муха нис до хьай де? Лóхьа цхьа совет.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. Наггахь аса олу хьуна цхьацца хIуманна, хан ца тоьа, ца лараво, и.кх.д. Ешар доцучунна. Цунна ца олу, хIунда аьлча со цунах теша (!), цундела суна сайна хьалха эхь хета хан ца тоьа ала. Совет? ХIума дан луучо и дан некъ-бахьана лоьху, дан ца луучо - ца дарна бехказло лоьху. ХIуманах цкъа доьххьара теша веза, йа вуьшта аьлча, и важный хиларх кхета веза, тIаккха цуьнга безам баха беза, йа вуьшта аьлча, и хIума дан баккъал лаа деза. Хьуна лаьий - хьуна хан карор ю, некъ-бахьана а карор ду.
Иза хьан настрой хилар ду. Техника хьуна езахь - ешар яахIума яар санна привычке даккха деза олу цхьаболчу дешна-наха. Дийцарехь, 21 дийнахь йа 40 дийнахь каждый день ахь по полчаса ешахь, хьоьгахь привычка чтения кхоллалур ю. Суна ца хаьа и бакъдуй, ас ца лелийна и, но ешар привычке даккха дезаш хилар нийса ду. Кхин а ду дуккха некъаш ешар марздарна, цхьадерш кхузахь ду: http://dinulislam.org/audio_salman.htm
Дала аьтту бойла хьан!

View more

ассаламу 1алайкум! хна производить еш йохка меги? татуировкш еш лела йо и зударш уьш яр мегш дац олш хезнер сун. хьокхчо маж т1е хьокхур ю коьрта т1е хьокхар ю амма татуировкш йир ю ечо. т1акх уьш еш хилч мух хир ду те цун йохкар хьукм?

Вам Iалайкум ассалам. Мега. Мегаш йолчу а, мегаш йоцучу а шинне агIор лело йиш вуно дукха хIума ю, масала компьютер, урс, герз, молханаш, программаш, кIадиш, духарш, иштта кхидIа дуккха а. Цхьаболчара уьш мегаш доцучу агIор лелайора аьлла уьш производить йан а, йохка а ца мега олийла дац.
Пайденна, хьажа:
http://dinulislam.org/xattar/xattar_duxar_doca_tegar.htm

View more

Ассаламу алайкум, сан ваша малхбуз ламаза хьалхар 2 суннат 4 ракаат суннат аьлла цхьано да мегар дуй?

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду.

View more

Къуран дешаран суджуд динчул т1аьхь салам дал дези ламазехь сан?

Нагахь санна и сужуд ламаз тIехь Къуран доьшучу хенахь деш делахь – цигахь салам дала ца деза.
Ткъа, ламазал арахьа́ деш долчу сужудехь салам далар хьалха-хьалха хилла болчу Iеламнахана юкъахь дуьйна схьа шина кепара дуьйцуш хилла ду, масала, та́биIу́нех хилла болчу цхьаболчу Iеламнаха и сужуд дIадерзош салам дала деза аьлла, вукхара дала ца деза аьлла. Имам ШафиIийс а (Дела реза хуьда цунна), шина кепара аьлла ду цу хьокъехь: дала деза а аьлла а ду, дала ца оьшу аьлла а ду. Цул тIаьхьа хилла болчу цуьнан мазхIабера дукхах болчу Iеламнаха цу шиннах нийса а, чIогIа а лерина дерг – салам дала дезаш хилар ду.
Цундела, ламаз тIехь волуш и сужуд дечу хенахь салам луш дац. Ламазал арахьа́ и сужуд деш хилча, и дIадерзош салам лур ду.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more

Next
  • 119
    Posts
  • 85
    Likes

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org