Ask @Olxazar:

Ассаламу 1алайкум! Бере къуран кар ецит мегар дуй ?5 шо ду цун садикехь къуран деш 1амийна цун х1инц къуран деш буьйлалуш бу уьш.

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду.

View more

Ассаламу 1алайкум ва рахьмутуллах1и ва баракатух Ахь хьай страницан т1ехь хьехийн йол "Натавление верующим"юкъехь фикхангахь долу хаттарш мича мазх1абер ду? Настольный книг аьл сайна лела ян а кхечарн советовать ян а дика книг йолчунах тер ду иза

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. И жайна вуно дика жайна ду: хIунда аьлча цуьнан бух Имам ГIазалийн "Ихьйау Iулумиддин" жайна ду, шейх Джамалуддин ал-Къосимийс и жайна дацдеш яздина ду хIара ахь хоьттуш долу жайна. ТIаккха, шейх ал-Къосимий а фикъхI Iилман агIор шафиIий мазхIабехь кхиъна хилла ву. Цундела, настолный книга хилийта олуш хьехар деш ду вай цуьнца, муьлхха а бусалба стагана номер один книга хила йиш йолуш ю иза. Аьтту хил-хиллачахь, оьций, гергарчарна а, бевзачарна а совгIатана луш а ю вай иза. Даим юх-юха доьшу жайна ду иза.
https://goo.gl/7cipNf
https://www.ozon.ru/context/detail/id/27452381/

View more

Ассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1и ва баракатух1у , Са ваш, Имам шафии мазх1абехь со мах лелочуьнгар ( продавец) цхьа хум эцаш хилча, ас эцна, вукхо ша юхкина ал деза? Ишт оца дешнашца?!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. Ала деза, йа яздан деза. Къаьсттина лардан деза иза цхьа даккхийчу мехашкахь. Цхьа жим-тIама долчу хIумангахь, адамо хIора дийнахь бохург санна юхкуш-оьцуш йолчу хIумангахь, масала, базарахь, жимчу туьканахь, иштта кхидIа а, олуш и дешнаш доцуш, дIасакховдорца (оьцучо ахча дIакховдорца, юхкучо ша юхкуш йолу хIума дIакховдорца) беш болу мах магош бу мазхIабера цхьаболчу Iеламнаха. МазхIабера цхьаболчу Iеламнаха, масала Имам Нававийс, мегаш ду аьлла муьлхха кепара хилча а йохкаэцаран мах бан, нахана юкъахь лелаш долчуьнца иза йохкаэцаран мах лоруш хилчахьана, оьцуш йолу хIума механа жима елахь а, йоккха елахь а. Ткъа, даккхийчу мехашкахь, шеко йоцуш, тIаьхьлонна а гIолий дерг - кехат тIехь язбина а болуш, маттаца схьа а аьлла болуш, шина тешо дина тешалла а долуш бина мах хилар ду. Кегийчу хIуманашкахь, кхана къовсаме дера доцучу хIуманашкахь и ца дича а хIумма а дац, Дала мукъа лахь.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more

Ассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1и ва баракатух1у , Олхазар ахь йеша аьлла цхьа книга ( нохчийн маттахь цунах х1у олу ца хаа суна, йа жайна йа кхи дош) яра , вай амалш аьлла, и йешна ас , х1инца хьуна цунах лууш дерг х1у дар те аьлла висна со?!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI.
Ма шааЛлахI! Дела реза хуьлда хьуна и ешарна! Цунах пайда хьуна хьайна хуьлуш белахь а, даггара иштта доIа дан лаьа-кх суна хьуна: АллахI Дела реза хуьлда хьуна!
Ткъа, хьан хаттарна доцца жоп делча: https://ask.fm/Olxazar/answers/142330630775
Нагахь санна ца кхетахь, тIедогIучу шарахь кхин цкъа а ахь и ешахь, амма дикка ойла а еш, цу киншки юкъахь Абузара юх-юха дуьйцург хIун ду билгал а деш, цу юкъахь а, шен вукху кхаа роман юкъахь а цо цхьатера дуьйцург хIун ду билгалдаккха а гIоьрташ (Бексултанов Мусас шен "Сан вешин тIехьийза йоI" цIе йолчу киншкин чаккхенгахь, нохчийн литературех лаьцна долчу йозанехь, Абузара бинчу балхах лаьцна аьллачуьнга хьажалахь, хьайн жимма а и дан таро елахь), тахана вайн къомана коьрта оьшург хIун ду а, вайна хIинццалц хилларг-лелларг хIун бахьана долуш хилла а, и кхин ца хилийта вай лелон дезарг хIун ду а хьо кхетар хиларх тешна ву со, Дала мукъа лахь. Вай, аьтту хил-хиллачахь дийцина а, яздина а, хьехийна а ду иза пхийттех шо хьалха дуьйна, тIаккха цхьа 4-5 шо хьалха Абузаран и жайна дешча, цу тIехь цо ткъех шо сов хьалха дуьйна изза хIума дийцина хилар а карийна вайна (цхьайолчу меттигашкахь дешнийн къепе а тIехь нийсса цхьатера а нислуш), цу хенахь иза вайн къомана хезна хIунда ца хилла-те, вайга, кегийрахошка, иза схьа хIунда ца кхаьчча хилла-те бохуш дукха хеттаршка дийлина вай. Цигараа дIа Муса Бексултанов вевзина, къаьсттина "Орга" журнал тIера цуьнан кхо интервью, тIаьххьарниг стохкалера а йолуш. Доцца аьлча, лераме ваша, Дала гIо дойла хьуна! Хьуна а, вайна массарна а, вайн къомана а, вайн умматана а..

View more

Ассаламу 1алайкум! Асхабшх лаьцн яьккхин йол кино хьаж мегар ду я дац? (Уьш бу бохш чохь гойтш болш)

Ва Iалайкум ассалам. Ца хаьа суна.

View more

2. Ткъа хаъ лууш ю из, ше дена нанна оьшучхен, ше х1усам-дегар пурба оьши шена, ше (йиши) зарплати т1ера ахчанц цанн г1о дан? Цунн хууш доцуш из дан бакъо юй ше? Йа цуо мало бохш хилахь а, дал йиш юй ше? Вай динац дуьстич х1у дан бакъо ю ше, х1у дан бакъо яц ше, хаъ лууш ю из.(жуоп доцуш ма дитхьар)

Лераме йиша, хIокху хаттарна (хIокхул хьалха ахь яздинчуьнца цхьаьна) жимма дехо жоп дара яздан дезаш да-м, хIунда аьлча Iеламнаха хьалха-хьалха дуьйна алссам толлуш ду хIара, "важный" хаттар а ду хIара доьзалехь уьйраш нийса а, дика а латтийтарна. Амма хIара вай хаттар-жоп лун меттиг доцца жоп дала аьлла йолчу Iалашонца лелош хиларна, доцца ала хьожур ву со, Дала мукъа лахь.
Доьххьара, и хаттар Iеламнахана юкъахь къовсам болуш ду, цу хьокъехь Iеламнаха аьлла кхаа-деа кепара дешнаш ду, магош а, ца магош а, цхьацца а бехкамаш хIиттош а. Цуьнан бахьана - магош долу а, ца магош долу а далилаш хилар ду.
Цул тIаьхьа..
ХIусамдегара пурба ца оьшу цунна цу хьолехь. Амма къайлах а доцуш, цунна хаа хоуьйтуш, вовшашца бертахь дан гIорта еза и хIума. Цо ма луо бохуш делахь а бакъо ю цуьнан йа-м, амма цу хьоле и гIуллакх даккхар чIогIа дика дац, мелхо а вовшашца барт болуш лелон даза цара шайн доьзалехь и санна долу массо гIуллакхаш. Хьекъалца, къовсамца а боцуш некъ лаха алий хьехар де ахь цу йишийна, шен деца-ненаца дерг дика латторхьама шен хIусамдеца дерг гал а ца доккхуш, йа шен хIусамдеца дерг дика латторхьама шен деца-ненаца дерг гал а ца доккхуш. Ткъа нагахь санна массо хьекъале некъаш а, бахьанаш, а лелийначул тIаьхьа а гIуллакх берта догIуш цахилахь, къаьсттина кху хьолехь бакъо ю цуьнан шен дена-нанна шен долара ахчанах шена луъучул дала.
Ткъа, дика хуург веза-сийлахь АллахI ву!

View more

Амин! Массера бойла Дал аьтта Бехк ма билла юх-юха язъярн Сай проблем язъйир яр аса масалца. Аса страниц йа абзац ешча,со кхет .ца кхетш х1ум ца дуьсу масала.Амма цхьажимма хан ялча суна иза дицло,коьрта чохь ца дуьсу.воспроизвести ца далу Х1у эр дара ахь цу хьокъехь?

- Но я все забыл!
- Неет, ничто не исчезает бесследно. У нас есть способ встряхнуть вашу память.
- Я уже пытался вспомнить.
- Не пытайтесь. Это придёт само, когда будет нужно.

ХIара дагадогIий хьуна? :) (Р. Брэдбери)
Бехке хIума дац. Мелхо а, дика ду. Изза хIума тIаьхьарчу хенахь соьгахь а ду хьуна. Дала дицлуш кхоьллина ду адам, тамашийна хIумма а дац. Амма, хIинца хIара санна хаттар дича, цхьацца дешна-наха а, баккхийчара а, дуккха йоьшуш болчара а, хIумма дац, йоьшучара ма саца, хьуна оьшург хьуна дагадогIур ду, ешарехь хьоьца хуьлуш юкъара кхиам бу олуш гина суна.
Вайшимма дуьйцург цхьа юкъара ешар ду, цхьа хIума Iаморхьама дерг дац. ХIума Iаморхьама ешаран шен некъаш ду, церах уггар коьртаниг - юх-юха ешар ду, ешнарг цхьаьнца дийцаре дар а ду, айхьа Iамийнарг хьайн аьтту белахь дIахьехар а ду. Ткъа, юкъара ешарехь, цкъа делахь, вайшимма доьххьара ма-аллара, даккхий белхаш тIехь дикка ойла а еш дешча, шолгIа делахь, айхьа йоьшург кхин цкъа а юхайоьшур йоцуш санна ешча - дуккха хIума соцур ду коьртехь, Дала мукъа лахь.

View more

Ассаламу 1алайкум. Цхьан йишо хоьтта: "дицделла акъикъат дина хил даьакш д1акхиссина, латта бух цаюхкаш, и бахьан долуш беран х1ума-м хир дац те?"

Ва Iалайкум ассалам. Хир дац, Дала мукъалахь.
ТIаккха, и даьIахкаш лаьттах йохка езаш хилар суна девзаш йа дагадогIуш хIума дац. Суна ца хууш йа со вицвелла хIума дуй-те цигахь?

View more

Дела реза хьуна хуьйла ! 451 по Фаренгейту ешна чакх ваьлла.Юха оьшуш къаьстан цу диалоге хьожур ву, "Как читать книги " Мортимер Адлер ешна аса.Цу т1ехь цо а т1е 1аткъам бо, ахь ма язъяр, авторех кхетар.Амма цуьн методш хал ю суна ( в комплексе, амма ша- ша цхьаэцча, хала яц ) ,цундела хаьтнер аса

ХIаа, и дика ду чIогIа. Делахь, хьо новичок вац кху балхехь. Айса хьуна и важа жоп далале ойла еш Iийра со, хьан уровень муха-хIун ю ца хуу дела, юкъара жоп муха хир дара-те бохуш.
Цу постскриптум юкъахь вайшима дийцинарг ду-кх коьрта дерг цигахь, муьлхха пайде жайна-киншка йоьшуш хилча дан дезарг.
Iаьрбийн мотт хьуна хаахь, доктор Iабдул-Карим Баккаран жима жайна ду хьуна чIогIа дика: "القراءة المثمرة".
Дала аьтту бойла.

View more

Ассаламу 1алайкум. (Вай бан безачу некъен) юьхь-ешар ду..... Еша муха еша еза,х1у хьехар дийр дар ахьа ,цу хьокъехь? Вайн хаа луарг качество чтения лаьцна дара...

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI.
Цкъачунна, классике бIаьрг тохахьа: "451 по Фаренгейту", Р. Брэдбери. Къаьсттина тидам тIебахийта беза меттиг - Монтеган а, Фаберан а еха диалог ю хьуна.
Вуьшта, Дала пурба лахь, жимма алсам дийца гIоьртар ду вай ешарх лаьцна.
П.с. Айхьа хIора абзац йоьшуш саца а соцуш, ойла йе, хаттарш хIиттаде хьайна: хIун хилла-те авторан коьртехь хIара язйечу хенахь? ХIун, муха, стенан ойла еш хилла-те и? Ешархочуьнга хIун схьакхачо лиъна-те цунна? ХIун хилла-те цо сагатдийриг, цуьнан ойла хьийзориг, цуьнан хьекъал дIалаьцнарг?
Церах цхьадолу хеттарш хIора коьртан (главан) чаккхенгахь дан догIу, наггахь хIора аламна (предложенина) хIитто догIу. Цхьаболчу авторийн йа жайнийн-книгийн дешнаш а хуьлу иштта ойла йан езаш.
Дела реза хилла хьуна хIара хаттар дарна.

View more

Ассаламу 1алайкум! Зевать дарх лаьцна дол хьадис достоверный дуй ? И шайт1нер ду подавлять де из аьл?

Ва Iалайкум ассалам. Хьадис нийса ду, Бухарийс, Муслима дийцина а ду. И шайтIанера ду бохург - адамехь цунна и хилийта луу дела ду, хIунда аьлча багагIеттор, дукха хьолехь, адам гIийла хилча хуьлу, кIадо еш хилча хуьлу, гай дуьзна хилча хуьлу, адамехь мало хилча хуьлу, ткъа и хIуманаш адаман синна дукхадеза хIуманаш ду, кIадо, мало, паргIато, иштта кхидIа а. БагагIеттор иштта цу хьолаца доьзна ду, ткъа хьоршам тохар мелхо цу хьолана доьхьал ду, иза мелла а каде хиларна, жигараллийна, хIайт-аьлла хиларна герга ду. ШайтIанна адам цу доьххьара хьолехь хилийта лаьа, цундела цунна багагIеттор деза. ТIаккха, адамо багагIаттийча, цо ахI-ухI бохуш тамашийна аьзнаш доху багара, цундела цу меттехь шайтIа цунах доьлу, нийса хьадисехь деана ма-дарра. Иштта и хIуманаш бахьана долуш, иза духатохар дика ду, багагIаттор нисделлехь а аьзнаш ца дахар дика ду, доьхьал куьг лацар дика ду.
Цундела, АллахIана ца деза адамо багагIеттор; Цунна мелхо а хьоршам тохар деза, хIунда аьлча иза багагIетторна доьхьал долу дела, йа вуьшта аьлча, хьоршам тухучу хенахь адам багагIетточу хьолехь санна ца хуьлу, мелхо а каде хиларна герга хуьлу дела, чIарх аьлла хуьлу, жигара хуьлу.
Цу кеппара, адамана пайде дерг - Далла дезна хIума ду, Дала адам шега кхойкху хIума ду. Адамана зене дерг - шайтIанна дезна хIума ду, цунна дика хета хIума ду, цо адам шега кхойкху хIума ду, цундела и цуьнгара ду.

View more

Ассаляму 1алайкум. Если мой брат берет кредит на мое имя, и я не могу помешать этому, будет ли на мне грех? и будет ли мне грехом жить в доме, построенном на эти деньги.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI. Если твой брат берет от твоего имени кредит под проценты, и ты не в состоянии помешать этому, то на тебе нет греха, Дала мукъа лахь, поскольку это происходит по независящим от тебя обстоятельствам, и твое положение в таком случае вынужденное. То же касается и твоего проживания в купленном таким образом доме брата. Хьох доьзна хIума ца хилча, хьан дан хIума долуш хьал ца хилча, и хIума хьо реза йолуш хIума а ца хилча, хьо къилахь хила агIо яц цигахь. Дагца и хIума дика ца хета хьуна. Хьайн ала аьтту белахь, и дика ца хилар чIогIа кIеда-мерза дIа ала а хьожу хьо, амма ала аьтту бацахь, масала хьайн вешица хьан юкъаметтиг телхар елахь, ца олуш дуьту ахь иза.
Ткъа дика хуург веза-сийлахь волу АллахI Дела ву.

View more

Ассаламу 1алайкум! Джунуб волч хьолехь ма1ар, мас хадо мегар дуй?

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду, Дала мукъа лахь.
Пайденна, кхуза хьажа, хьайна лаахь:
http://dinulislam.org/hadis/1umda/1umda_31.htm
http://dinulislam.org/hadis/1umda/1umda_35.htm

View more

Ассаламу 1алайкум Олхазар. Со балха д1авоьдуш суна маршрутки чохь здачи луш совнах ахча делла, иза суна т1аьхьи бен ца хиъна, амма и водитель дага ца воху суна (йоьхь т1ер). Ас и ахч цхьанни саг1ийна д1а делча со цунах жоьпарийла волий? БаракаЛлох1.

Ва Iалайкум ассалам. Нагахь санна и маршрутка цхьана компанис лелош елахь, тIаккха цу водитело ша нахера схьаоьцу ахча дерриге цу компани д1алуш делахь, тIаккха цу компанино цунна хIоттийна беттан алапа а делахь (фиксированный), цу хьолехь и ахча цу стеган ахча ца хуьлу, и маршрутка лелош йолчу компанин ахча хуьлу. Цундела, хьайн аьтту белахь, цу компанига и дIакхачо хьаьжча дика хир ду хьо.
Амма нагахь санна и ахча деккъа цу компанин дацахь, цу водитело шена схьаоьцуш ахча делахь, цу хьолехь, "и долчунна тIера" аьлла сагIийна дIадала мегар ду ахь иза, цуьнан жоьпалла-декхар хьуна тIерадаьлла а хир ду, Дала мукъа лахь.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more

Пояснение к вопросу : Можно ли брату и сестре оставаться наедине в одной квартире ? Считается ли это запретным уединением ? Есть ли порицание за то, что я в целях предотвращения греха или путей ведущих к нему не желаю оставлять их одних? Если двое уединятся то третьим с ними будет шайтан.

На этот вопрос был дан ответ 3 часа назад. Если вопрос повторен из-за неясности ответа, то, говоря вкратце и прямо: можно; это не считается запретным уединением; нежелание оставлять их одних будет считаться порицаемым, если на то нет прямой и уважительной причины, то есть если с их стороны не было какого-то прецедента. А Аллах знает лучше.

View more

Пояснение к вопросу : Можно ли брату и сестре оставаться наедине в одной квартире ? Считается ли это запретным уединением ? Есть ли порицание за то, что я в целях предотвращения греха или путей ведущих к нему не желаю оставлять их одних? Если двое уединятся то третьим с ними будет шайтан.

Приведенный хадис, а равно и вытекающий из него запрет на уединение, не относится к близким родственникам, о которых говорится в Священном Коране: 4:23. Не относится потому, что между ними нет места вожделению (если путем внешнего вмешательства не нарушено то естественное, здравое состояние, в котором рождается каждый человек). Именно поэтому я и не понял этот вопрос в первый раз. Ответ, как я думаю, очевиден.

View more

1. 2. 3.

1. Ешар (Чтение) 2. Ойла. 3. Iилма
1+2+3 = Кхетам.

View more

Ассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1и ва баракатух1у , ваший йиший цхьана х1усамехь дита йиш юй? Шаьшшиъ кхи уьллехь стаг а воцуш ? Елахь ас и шиа вочухь а воача ойланехь лардар хьам дуьтуш ца хилча и мегаш дуй йа дац? Аллах1 диканца бекхам бойла !

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!
Хаттарх ца кхета со. Кхечу кепара билгалдалур дарий хьоьга и?
Дела реза хилла!

View more

Ассаламу lалайкум варохьматуллохlи вабарокатухl. Email - чу даитан хаттарш гуш дуй хьуна?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. Гуш ду, амма массарна а сихха жоп дала аьтту ца хуьлу, цундела, бехк ца биллар доьху. Дела реза хилла.

View more

Ассаламу 1алайкум.Сан дисина марханаш 100 сов дара ,цхьа 20 шо хьалг1а кхабанза.Царна т1ера г1уда делача х1ора шарахь цхьацца т1еатухуш.2000 сов сахь ,дала деза .Сохь оццул ахча дац.Х1ун да деза ас?Бехказло лорий Рамадан бутт,кхаба фард дуй цахаара ?И г1уда х1ора шарахь т1екхитий х1инце бе ца хиича?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI.
Нагахь санна, цхьана шарахь айхьа ца кхобуш дитина марханаш тIедогIучу шеран мархин бутт тIекхачале доькхуш кхаба дезий хьуна хууш ца хиллехь, нагахь санна уьш иштта тIаьхьататтар хьарам хилар хьуна хууш ца хиллехь, ахь цу марханаш тIера гIуда дала ца деза, хIунда аьлча иза хьуна бехказло лору. Дикка само елахь, гIуда тIедожар хьуна хууш хилла цахилар дац вай дуьйцург, тIебогIу мархин батте декха ца доькхуш тIаьхьататта ца мегий хууш цахилар ду.
Цундела, хьожур ву хьо айхьа ца кхобуш дитинчу марханашка - уьш тIедогIу мархин бутт тIекхачале доькхуш кхаба дезий хаьара хьуна йа ца хаьара? Хууш ца хиллехь - гIуда ца дужу хьуна тIе. Хууш хиллехь - хууш хиллачара дуьйна гIуда дужу.
И цхьаъ ду. Нагахь санна тIаьхьататтар хьарам дуй хьайна хууш хиллехь, хIокху шолгIачуьнга хьожу хьо.
ШолгIаниг - доькхуш ца кхобуш цу кепара тIаьхьататтар хьарам дуй хьайна хуъушехь, марханаш ца кхаба магош долу бахьана а доцуш, ахь уьш ца кхобуш цхьана шарал сов тIаьхьататтахь, цу хIора кхабаза ахь дуьтучу мархин тIера гIуда хIора шарахь цкъа (цхьацца) тIекхета хьуна. Масала, итт шо хьалха ахь кхабаза дийнна цхьа мархин бутт битинехь, ахь и ткъеитт марха доькхуш кхаба аьтту а болуш, ца кхаба бахьана а доцуш, уьш декха ца доькхуш итт шо далийтинехь, ткеъитт мархин гIуда итт шарахь иттозза тIекхета хьуна, цундела 300 хуьлу уьш.
Иштта ду вайн мазхIабехь цу хаттаран хьокъехь аьлла долчу шина дешах нийса дерг, йа вуьшта аьлча, чIогIох лерина дерг.
Амма, шолгIа дош а ду гIийла доцуш, чIогIа, шен тешаллаш (далилаш) чIогIа долуш. Цундела, вайн мазхIабера цхьаболу Iеламнах цунна тIетевжаш хилла а бу. Ткъа, вайн махкахь лаьттинарг санна долчу хьолехь а, къаьсттина хIинца ахь дуьйцучу хьан хьолехь а, цу тIетовжа мегар ду хьо, йа хьуна цу тIетевжина жоп дала а мегар ду дешна-стага. И бохург хIун хуьлу - ахь оцу итт шо хьалха дуьйна доькхуш кхабаза диссинчу марханийн гIуда цхьана шарана бен тIе ца дужу хьуна, цхьана шарахь диссинчу марханийн цкъа цхьа гIуда делчахьана волу хьо, бохург хуьлу. Хьан хьолехь иштта хила йиш ю иза, Дала мукъа лахь. Цундела, боькхуш кхабаза биссинчу хIора мархин баттана тIера, йа цхьана шеран цхьа къаьсттина марханаш тIера, хIоранна а тIера цкъа цхьа гIуда делча вера ву хьо, Дала мукъа лахь.
Кхуьнан хьокъехь цакхеташ хIума диссинехь - хаийта, кхечу дешнашца нисдан хьовсур ду вай, Дала мукъа лахь.
Оцу веза хилла волчу АллахI Дала къобал дойла хьан марханаш а, ерриге кхийолу дика Iамалш а. Вайн массеран кхачамбацаршна, гIалаташна, къиношна геч а дойла-кх Цо. Амин.

View more

Ассаляму 1алайкум. Ваш, наггахь каналчу кхусса ахь (до1а) текстцани аудио, цкъа 1арбойн маттахь, юха вайн матте гочдеш а. Ишта цхьа массех до1ан аудио оьшар сун (цкъачун цхьа пхиъан), презентаций еш, берашка пайд эцийта. Г1о дийр дацар ахь?..

Ва Iалайкум ассалам. Дера дийра ду. Хьайна къаьсттина цхьа доIанаш дезахь, уьш билгалдеш кехат язде имейл тIе (samagatde@gmail.com), ас ахь ма-бохху mp3 запись йина дIадоуьйтур ду хьуна, Дала мукъа лахь. Дала аьтту бойла хьан!

View more

Ассаляму 1алайкум. Будет ли считаться ошибкой допускаемой в имени Аллах1а, если написать "Аллох1умма". С "о" для обозначения твердости "л".

Ва Iалайкум ассалам. Транскрипция, или транслитерация, всегда остаётся проблемным моментом в межязыковой передаче звуков. В данном случае я почти всегда использую "о" именно при транскрипции имени Всевышнего, например в словах зикра и т.д. Но использовать "о" вне транскрипции, то есть когда мы пишем имя Всевышнего на нашем языке, или на русском, английском и так далее, думаю, не стоит. В самом арабском языке данный звук различается в некоторых грамматических формах и не всегда произносится как близкий к "о". А АллахI знает лучше.

View more

..ас и х1унд хоьттар аьлч, сайти т1ера текст вордчу кхоьссан пдф файл ян г1ертар со цунах. Из дан мегар дари? ткъа гочдинарг т1е вазвеш, сайти ссылка яз еш.

Мегар ду да-м, амма ас и ца даран бахьана - доьххьара гочдинчул тIаьхьа дуьйна цунна кхин редактировани йина цахилар ду, ас айса гочдаран агIор а, меттан агIор а. Дела реза хилла хьуна.

View more

Ассаламу 1алайкум. Имам Нававий жейн "Лерам беш хьалаг1атта мегаш хилар", гочдинарг хьо-м вац?

Ву.

View more

Аллах1 рез хилийл, кхоччуш, хаз жуоп даларна. Къаьстана ц1арца цхьан адмах лаьцна кхин цахата хьожар ю. Ткъа цхьамма, 1илм долш волчо,эшаршк ладег1ар хьарам дац,из адмаш шайгар додумывать дина х1ум ду,билгал цанхьа деан дац бохуш хилча,из мух хир ду?Шегахь долч 1илманц иджтихад яр ду из?Йа х1у ду?

АллахI Дела реза массарна хуьлда вайна!
Цо и алар - Iилманал арахьара хIума дац, мелхо а, хьалха хилла болчу цхьа кIеззиг Iеламнаха а, кхузаманара дуккха болчара а аьлла хIума ду и. Ла ца догIа а, пайда ца иэца а бахьана дац иза, ле-м хIета а мегар дац и бахьана долуш.
Цунах лаьцна вай дийцира хьалха кхузахь:
http://dinulislam.org/xattar/xattar_esharsh_ladeg1ar.htm

View more

Next
  • 138
    Posts
  • 87
    Likes

About Олхазар:

Вуьшта зIе езачунна: admin@dinulislam.org