@Olxazar

Олхазар

Ask @Olxazar

Sort by:

LatestTop

Previous

Ассаляму 1алайкум варохьматуЛлох1и вабаракатах1у. Ваш, Шамиль Аляутдиновиг ладог1а мегар дуй? Аллах1 диканц бекхам бойла.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. Адамех лаьцна дечу хеттаршна жоп ца луш некъ бу ас сайна лаьцнарг, цундела хIокху итт шара чохь иштта долчу хеттарех ларвала гIоьртина со, цхьаъ йа шиъ доцург. ХIинца хIара тIаьххьарниг хиларе а догдоху ас..
Суна хетарехь, гучахь долчуьнга хьаьжча (ткъа, къайлах дерг хуург АллахI ву!), вуно дукха пайда беш ву иза, Iилманан белхаш а ду цуьнан дина, дуккха къахьоьгуш а ву иза. Коьртачу декъана цхьа агIо схьа а лаьцна, ша вехачу метте хьаьжжина, заманах ша кхетаре хьаьжжина. И вехаш-Iаш йолу, цо болх беш йолу гIала а, вай долчу мехкашкара кегий гIаланаш а цхьатера яц, церан хьелаш а цхьатера дац, цундела, къахьегаран некъаш а массеран цхьатера нислур дац.
Цундела, масала, цо юкъа-кера Шекспир хьахорах галдаьлла хIума дац. Масех бIе миллион адамо буьйцучу оьрсийн маттахь Бусалба динах лаьцна дерг яздечу хенахь, дуьнена тIехь уггар йоккха пачхьалкхан коьрта гIалахь Бусалба динах лаьцна дуьйцучу хенахь Шекспир а, кхиверг а юкъа-кера хьахо вогIу. Баккхийчаьрга дуьйцург а, кхузаманлера кегийчаьрга дуьйцург а цхьатера ца нисло (хIинцца жимма хьалха, цхьана жимчу стагана цуьнан книга яхьийтира ас совгIатана, цуьнан хьолаца и йогIуш ю аьлла сайна хетта дела). Хьо хьаьнга вистхуьлуш ву хьаьжжина къастам бан безаш хуьлу. Иштта ду иза Iилмангахь.
Ткъа, гIалат ца долуш а цхьа а вац. Иза а хаа деза, цунах а кхета веза. Бакъдерг дерриге цхьана стагехь йа цхьана агIонгахь хир дац. Шеца цхьа а дика доцуш бусалба стаг хуьлийла а дац. Декъал хилларг мила ву? Шен гIалаташ дагардаллал бен цахилларг ву-кх. ХIара а, важа а, кхин а, аьлла, дагардаллал бен кхин гIалат дацахь - иштта стаг декъал хилла ву хьуна.
Бусалба нахана питане, зуламе, балеваьлла ца хилчахьана, даим луьйш, сихлуш, хедош, кегдеш, дохош ца хилчахьана. Ишттачерах, верлахь, ларлолахь.
КхидIа долчунна... ЛадогIа, деша, дуста, ойла йе!
Пайде дерг схьаиэца, гIалат дерг Iаддита.
Ткъа дика хуург АллахI ву.

View more

Related users

Каждый ребенок заложник своего жертвоприношения, на седьмой день от его имени приносится жертву, ему бреют голову и дают имя. Хадис Абу Давуд ',#2838.Тхан да тхо жими долш велла нанас кхиийна тхо. Суна а сан вешина а йишина а т1ера хьакъегат дина дац. Оха худича ниса хир дар? Аллах1 рез хуьл.

Аш шаьш ден мегар ду шайна тIера хьакъикъат.
"10. Бер кхиъна даьллачул тIаьхьа, иза пхийттара даьллачул тIаьхьа, жималлехь цунна тIера Iакъикъат дийна ца хиллехь, цо ша́ ден мегий иза шена тIера?
Мега. Жималлехь шена тIера Iакъикъат дийна ца хиллехь, иза ша́ шена тIера де́р дика лоруш ду".
http://dinulislam.org/1aqiqah_xattar_jop.htm

Ассаламу 1алайкум. Бер дуьнен чу даьлч деш дезш дол азан, нанс ша деш меги?

Ва Iалайкум ассалам. Мега. Ткъа дика хуург АллахI ву!

Ассаламу 1алайкум!собар даиман деха ца мег ,собар баланц цхьан хуьла цундела даиман "Я Аллах1 собар ло ахь суна"бах мегш дац олш хезнер суна Масала са нервш дик яц, цхьан х1уман т1ехь к1езг долчун т1ехь сих карзах волш оьг1аз воьдш ву со, цхьа х1ум ца нисдаларци хуьлийл. Ас деха мегар дуй сайн собар

Ва Iалайкум ассалам. Мегна ца Iаш, деха деза ахь хьайна собар, хIунда аьлча хьоьца хьо собаре хила везаш долу бахьана ду - хьан нерваш дика цахилар. Халонца, баланца доьзна долу собар маца оьшуш ду - и хало тIехIоьттича оьшуш ду-кх, йа хьайна билггал хила мегачу баланна доьхуш ду, цундела, хьайгахь цхьа хало яцахь даим цу кепара собар доьхуш Iийр ма вац хьо. Цундела, собар баланца цхьаьна хуьлу бохучух ца кхета со-м.
Ткъа собар, деккъа цхьана халонца-баланца доьзна хилла ца Iаш, кхидолчу хIуманна а оьшуш ду. Масала, адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигехь оьшу доккха собар.
# Дахар ирсе хиларна дарба атта хилар карийна суна. Атта ду и, амма лерина а, саццаза лело дезаш а ду и. Хьекъалал алсам собар оьшуш хIума ду и.
Шейх Салман ал-Iавда
# Собар диъ кепара ду:
1 – Далла муьтIахь хиларехь собаре хилар.
2 – Далла Iеса хиларха собаре хилар (Iесалла ца йолуьйтуш, цунах ларвалар).
И шиъ – нисваларан некъийн бух бу.
3 – Дуьненан совнаха долчу хIуманех собаре хилар.
Иза – «зухIдан» (дог-ойла дуьненах йоьзна цахиларан) бух бу.
4 – Бохамашна а, баланашна а собаре хилар.
Иза – лекха хинволчу АллахIана реза хиларан а, къера хиларца болх берриге Цуьнан кера дIабаларан а, Цунах лаьцна йолу ойла дика хиларан а бух бу; цу диъ кепара долчу собарна юкъахь синна уггар халаниг а ду иза.
Шайхул-ислам Закариййа ал-Ансорий
(Дала къинхетам бойла цунах)
# https://soundcloud.com/dinul-islam/sintar_salman
# Iусман веара цул тIаьхьа, тIева́н пурба дийхира цо, тIаккха Пайхамара (ﷺ) элира: «Схьаваийта ахь иза, ялсаманица кхаъ а баккха ахь цуьнга, цунна тIехIуттур болчу цхьана баланехула». И волчу тIе а вахана, ас элира цуьнга: «Чу ва́ла.. АллахIан Элчано (ﷺ) кхаъ баьккхира хьуна ялсаманица, хьоьга кхочур болчу цхьана баланал тIаьхьа». АллахIана хастам бира цо, тIаккха: «АллахI ву-кх вай Шегара гIо лоьхург! Йа АллахI, собар луолахь суна», элира цо.
"Пайхамаран де" жайна.

View more

"Никях" хаттар делларг ву. Ваш, и йо1 ше вежаршца ю Европяхь, цер да России г1алахь ву (нохчичохь вац). Цу дас ше к1ант (йо1 ваш) векил ва мегар дуй и г1улкх д1адерзо?

Мегар ду. Мах бар шина векална юкъахь хир ду тIаккха - хьан векална а, йоьIан ден векална а.

1. Ассаламу 1алайкум. Со Россияхь волш, йо1 Европяхь йолш, телефон-чухол никях дан йиш юй, ваш (мах бешверг цу йо1 валиг вист хир волш по телефону)? Вовше дист хила парг1ат хир долуш, вовшах кхетталц йолч ханчохь. ...

Ва Iалайкум ассалам. Телефон чухула мах бар нийса хир дац. Телефоначухула Европера хьайна вевзаш волу цхьаъ векил ван мегар ду ахь, хьенехан йоI хьенех сайна ялош мах бан векил во ас хьо аьлла. ТIаккха оцу хьан векило мах бан мегар ду цу йоьIан деца, йа да вацахь цуьнан верасца (валийца), уллехь шиъ теш волуш.

Ассаламу алайкум,сан ваш! Аллахlа кхоъ доьзалхо велла сун. 2 кlант(9 бутт болш ву и шиъ), йоl-2 шо долш. Са хаттар дар,ас хlу лелич дик ду царна дин,lилма-дешар марзда(lамо)? Ахь эларкх,1 бутт кхачарца беран дешар(lилм) lамда деза. Ху хьехар хир дар хьа сун? Аллахl рез хийл.

Ва Iалайкум ассалам.
Дала диканца дукха бахабойла хьуна хьан доьзалхой, Дала беркат дойла хьуна церах!
Хьуна дийца дукха хIума дац сан хIинца, йа лелон деза бахьанаш сой кхин башха лелош а вац со, амма ши хIума хьахор дара ас.
Цхьаъ - хьо хьайн доьзалехь кхетош-кхиоран болх бан безий хууш хилар, хьо цунна саготта хилар уггар коьрта ду. Ахь хIара хаттар даро гойтуш а ду хьо иштта хилар. АллахI Дала аьтту бойла хьан, АллахI Дала гIо дойла хьуна, везан Дела! Цу хIуманна хьо даим саготту хилар коьрта ду хьуна, диц ма делахь..
ШолгIаниг: Уггар доккха хьехар - ешарца хьехар дар ду. Соьгахь дерг а, кхечуьнгахь дерг а, Дала мукъа лахь хьоьгахь хир дерг цу ешарна тIера дIадоладелла ду хьуна, цуьнца дIадаха дезаш а ду хьуна. Цундела, лераме ваша, бераш кхиорах лаьцна а, Iилма-дешар царна марздаран некъех лаьцна а, иштта и санна долчу кхечу белхех лаьцна а ахь уггар хьалха дича дийр долу уггар диканиг - ешар ду. Тахана вуно дукха жайнаш ду цу хIуманах лаьцна яздина, книгаш ю, статьяш ю, лекциш ю. Ас дукхах ерг Iаьрбийн маттара ерг йоьшу, вуьшта оьрсийн маттахь а дукха ю (хIинца хьуна схьайийца суна дукха ца йовзахь а), ингалс маттахь а ю, кхечу меттанашкахь а ю. Суна хьо стенгахь Iаш ву ца хаьа, масане хуьлу, хьо масала Францехь хила мега, церан мотт а хууш, йа Швецехь хила мега, цара язйинарг еша таро йолуш, цундела хьехадо ас "меттанаш".
Берийн психологих лаьцна, бераш кхиарх лаьцна, цара еша-язйан Iаморах лаьцна, воспитательни агIор цаьрца нийса некъаш лелорах лаьцна, иштта кхидIа а, кхидIа а.. Еша, лераме ваша. Говзанчашка хатта а хоттуш, муьлха, хIун ешча дика хир дара. Хьо Европехь велахь, библиотеки чу гIой, хьайна луур дIадийца белхалочуьнга, цо раздел тIевуьгур ву хьо.
Хала хир дуй? Хир ду, нагахь санна хьо ешарна марзвелла вацахь. Ткъа хьайн доьзалхочунна пайде дерг дIакхачорехь хало лан хьо кийча ца хилча, и жоьпалла ахь хьайна тIелаьцна ца хилча, хIунда...? Мила, хьо воцург...?
Школано уьш ашшимма, дас-нанас санна, кхиор бац хьуна. Школах тешна ма Iелахь. Нахах тешна ма Iелахь.
1 бутт кхаьчча дуьйна берана ешар марздеш хилар суна ешарера хиъна хьуна. Оцу суьрта тIера жайни тIехь ду иза иштта. Жимчу берана керайала мегар йолу, жима, ира сонаш доцуш, киншка цуьнан керайаларца, и цунна хьалха охьайилларца, цуьнан бIаьргаш хьалха и гуш хиларца, цу хенахь дуьйна, шена оьшург ша схьаиэцалучу хене и даллалц.. Дас а, нанас а цунна киншка ешарца, йа Къуръан дешарца, хIума йоьшуш цунна хазийтарца, жимма и доккха хилча цунна даим и гайтарца, аш шаьш масал гайтарца.. Шен чохь ша гIуллакх деш леллашехь, дийнахь масех джуз Къуръан керладоккхуш хилла йолчу ненаца 7-8 шо кхачале Къуръан дагахь Iамийна хилла нах бу тахана а дийна.
Цундела, уггар коьрта а, дика а хьехар - хьайна оьшучух лаций еша, ахь а, хьан хIусамнанас а. Дешнарг тIаккха жим-жима лелон а гIорта. Вуьшта-м, еккъа ешархьама ешаро-м кхин башха пайда а бийр бац.
Дела реза хилла хьуна! Дала аьтту бойла хьан!

View more

Liked by: bek han

Ассаламу алайкум!!! Сестра замужем альхьамдулиллах1 придерживается сунны,послушная, хорошая жена.Но родные мужа не любят ее. Постоянно не довольны и настраивают мужа против нее. Конечно он (муж) слушает маму и верит ей.И вообще можно сказать что не радуется своей женой.Как сохранить семью?как быть?(

Ва алайкум ассалам. Уважаемая сестра, вопрос сформулирован слишком обобщенно. Чтобы хоть что-то можно было посоветовать, необходимо знать больше подробностей, особенно в том, что касается приводимых ими обоснований для такого поведения, а также время замужества, есть ли дети или нет, где и как проживают члены семьи и т.д. Наверно будет лучше если вы сможете обратиться к тому, кто сможет задать вам вопросы чтобы разузнать подробности для анализа вашей ситуации, установления причин недовольства и предоставления возможных рекомендаций.
Из общих рекомендаций можно упомянуть:
1) Не спеши, будь терпеливой.
2) Оберегай свой язык. Сто раз подумай прежде чем что-нибудь сказать. Язык твой - враг твой. Именно поспешные и необдуманные высказывания становятся причиной больших раздоров в семье, часто и распада семьи. Язык, язык, миллион раз язык. Если сумеешь обуздать свой язык - считай что предотвращена бОльшая часть семейных проблем.
Прочитай аяты и хадисы об оберегании языка. Прослушай, к примеру вот это:
http://dinulislam.org/audio/hadis/40/hadis_40_29_2.mp3
http://dinulislam.org/audio_mettan_sakxtash.htm.
3) Не враждуй. Не ищи отмщения, не ищи новых врагов. У нас и так их достаточно.
4) Не отвечай злом на зло. Постарайся нейтрализовать зло путем ответа на него добром - это трудно, поэтому это и является степенью приближенных к Аллаху.
5) Будь умной, будь мудрой. Умей пропускать словесный мусор, умей не замечать, а точнее притвориться что не заметила недоброжелательные высказывания. Особенно если слова сказаны в порыве гнева. https://soundcloud.com/dinul-islam/dicde
6) Конструктивная самокритика. Конструктивная самокритика и еще раз конструктивная самокритика.
7) Одно из важнейших правил: не потерять самообладание и контроль над чувствами в первые моменты конфликтной ситуации. Всегда и везде помни что ты: мусульманка, раба АллахIа.
8) Не забывай, что ты тоже когда-то станешь свекровью...
9) Семья - это не поле битвы и не место для выяснения отношений. Семья - это священная крепость мусульманина и мусульманки, скрепленная именем АллахIа. Тем не менее, без проблем в ней также не бывает, как и в любой другой сфере жизни, именно поэтому семья - это также и экзамен, часть жизненного испытания, предначертанного нам Всевышним, чтобы прояснилось кто из нас проявит себя лучше, кто будет поступать лучше.
10) Читай. Коран, хадисы, жизнеописание Посланника АллахIа, настольную книгу "Наставление верующим" шейха аль-Касими, про семейную психологию, про психологию взаимоотношения мужчины и женщины ("Мужчины с Марса, женщины с Венеры"). Слушай то, что принесет тебе пользу в жизни, к примеру вот эту серию: http://dinulislam.org/audio_salman.htm
Дала гIо дойла, Дала аьтту бойла.

View more

ассаляму 1аляйкум. ше майрчунг шоллох зуд ма ял яйт аьл до1 да меги?

Ва Iалайкум ассалам. Билггал ала хуур дац суна, ца мега а, йа мега а алалур дац соьга, амма жимма кхечу агIор хьажча, массо адаман хьелаш цхьатера хуьлийла дац, цундела кхузахь цхьа юкъара жоп дала а хала хир ду, цундела, шайн доьзал беркате бар доьхуш доIа дича гIолий хила тарло, шаьшшинан барт, уьйр-марзо, ийман-ислам чIагIдар доьхуш доIа дар гIолий хила тарло. Дика хуург АллахI ву.
Liked by: Bilal Bilalov

Ассаламу 1алайкум! اللهم زد تآلف أرواحنا واجعلنا ممن يساق إلى الجنة زمرا хьаьркаш йехкина доитар дари ахь

اللَّهُمَّ زِدْ تَآلُفَ أَرْوَاحِنَا وَاجْعَلْنَا مِمَّنْ يُسَاقُ إِلَى الْجَنَّةِ زُمَرًا

ассаляму 1аляйкум. жим волшхен ца деш диттан дол ламазш а, мархнаш а х1инз даъ, кхабаъ меги?

Ва Iалайкум ассалам. "Жима волчу хенахь ца деш дитина" бохучух лууш дерг - ламаз дар а, марха кхабар а парз хилла тIедоьжначул тIаьхьа дитинарш делахь, йа вуьшта аьлча: динан декхарш тIеиэгачу хене ваьллачул тIаьхьа ца деш дитинарш делахь - уьш дан а, кхаба а мегна ца Iаш, декха дезаш ду уьш, ца деш а, ца кхобуш а дита мегар дац уьш.
Хьажа: http://dinulislam.org/xattar/xattar_lamaz_marxa_dekxar.htm

ассаламу 1алайкум. ахь къузахь цхьане жоп луш язинер "Дала иблис толо бакъо ма лойла шуна". Из х1у бахаг ду?

Ва Iалайкум ассалам. Хьадисехь деана ма-дарра, доьзалехь барт бохор Иблисана уггар дукха дезачу хIуманех ду. Иблис бусалба нехан мостагI ду, хIора дийнахь цаьрца тIамна шен бIо арабоккху цо. ХIусамден а, хIусамненан а барт боьхча - Иблиса цаьршинна тIехь цу тIамехь толам баьккхина хуьлу. Ткъа, бусалба стагана а, зудчунна а Делера гIо оьшу Иблисана а, цуьнан эскарна а доьхьало йарехь, вай: "Ницкъ бац, гIора а дац АллахIаца бен, АллахIера доцург" аларан маьIнех цхьа маьIна а ду иза, Иблисаца болчу тIамехь вайна Цуьнгара доцург кхин гIо цахилар, вай Цо доладаре, Цуьнан Iуналле хьашт хилар. Цундела вай доIа дира царна, шаьшшингара гIалат далийтарца, барт ларбан, шайн доьзал ларбарехь лелон деза бахьанаш ашшимма ца лелорца, цу хIуманашца Дала Иблис толо пурба ма лойла шуьшинна, аьлла. ТIаккха, цаьршинна само а йара иза, Иблис цаьршинан барт бохо лууш хиларна а, церан девнаш-къийсамаш хилча Иблисо царна тIехь толам боккхуш хиларна а, цундела уьш цу хIуманах ларбала безарна а, цара цунна само йан езарна а.

View more

Ассаламу 1алайкум.Олхазар,х1ара хьадис бух болуш дуй? «Послушание родителям, это смывание больших грехов» Имам Ахмад (да помилует его Аллах)

Ва Iалайкум ассалам. Иза хьадис дац. Имам Ахьмада (Дела реза хуьлда цунна) аьлла дешнаш ду уьш. Амма и дешнаш бакъхилар гойтуш хьадис ду. И дешнаш а, царшна тешалла долу хьадис а дийцина Имам ас-Саффарийнийс (Дала къинхетам бойла цунах), "ГIизаул-албаб" жайни тIехь. Цо тешаллийна далийна хьадис иштта ду:
Iумаран кIанта IабдуллахIа дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна), цхьана стага Пайхамар (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) волчу а веана, элира аьлла: «Бакъдолуш, цхьа доккха къа латийна ас. Тоба дан аьтту буй-те сан?». ТIаккха Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Нана юй хьан?». Цо жоп делла: «Яц». Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттина: «Ненайиша юй хьан?». «Ю» аьлла цо жоп делча, Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Делахь, цуьнца дика хила хьо». Тирмизийс дийцина иза оцу дешнашца.
Ткъа Ибн Хьиббана а, Хьакима а дийцинчахь цо цуьнга: «Да-нана дуй хьан?» аьлла хаьттина хиллера аьлла ду.

View more

Ассаламу 1алайкум Олхазар. Ас сайн ненанна(бабушкан) гечдар дехча, цунах къинхетам бар дехча, цун цунах пайд хир буй? Ас цунна дикнаг доьхуш до1а дича, цунна иза пайде хуьли(масала: цун каш нуьре дар дохуьш)? БаракаЛлох1!

Ва Iалайкум ассалам. Дера хуьлу. Дуккха а хьадисаш ма ду цу хьокъехь даьхкина. Пайхамара (Делера салават, салам хуьлда цунна) дукха деш хилла хIума ду веллачунна доIа дар, де олуш хилла а ду, къаьсттина цхьана адамана доIа дарца а, докъа ламаз тIехь доIа дарца а, велларг дIавоьллинчул тIаьхьа цунна доIа дарца а, кешнашка вахча дерриге кешнийн охIлунна доIа дарца а, вуьшта массо бусалба нахана доIа дарца а. Ткъа беро шен дена-нанна, йа шен дедена-денанна, ненадена-ненанна деш долу доIа кхин деза ду, хIунда аьлча иза цу веллачуьнан Iамал йолуш санна хьахийна ду хьадисехь: "цунна доIа деш хир долу цуьнан дика бер а", аьлла. Дала гечдойла хьан ненанна а, вайн массо гергарчарна а, берриге бусалба нехан беллачарна а!

Ассламу 1алайкум тхун дукх везш вол Олхазар. Вайн дукх везш вол Пайхмарн (Саллалах1у 1алайх1и Вассалам) нисса, кхоччуш, ц1ен Салават мух дил деза. Аллох1умма солли 1ала Мухьаммадив ва1ала али Мухьаммад аьлч меги. Я кхоччуш хьадисехь ма дар дил дез?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI. Шен доьхьа шуна со везачу АллахI Далла дезийла шу!
Иштта ахь ма-яздарра аьлча а мега хьуна.
АллохIумма солли Iала Мухьаммад аьлча а мега хьуна.
АллохIумма солли ва саллим Iала Мухьаммад ала а мега хьуна.
Цу шиннен чаккхенгахь "ва Iала али Мухьаммад" аьлла тIетоьхча а дика ду хьуна, ахь ма-аллара: АллохIумма солли Iала Мухьаммад, ва Iала али Мухьаммад.
Хьадисехь ма-дарра диллича кхин а деза ду хьуна, хьадисашкахь деана долчух Имам ШафиIийс хаьржина дерг диллича кхин а деза ду хьуна.

«АллóхIумма аксир мáли́ ва валади́, ва бáрик ли́ фи́мá аIтIойтани́, ва атIил хьайáти́ Iалá тIóIатик, ва ахьсин Iамали́, вагIфир ли́». ...... Ассаляму 1алайкум, ваш. "аксир" ← цигахь "са" ду, йа "син" ду?

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI.
"Са" ду, "алиф, ба, та, са" - ингалс маттара "think" дешан хьалхара аз санна.
اللَّهُمَّ أكْثِرْ مَالِي، وَوَلَدِي، وَبَارِكْ لِي فِيمَا أعْطَيْتَنِي، وَأطِلْ حَيَاتِي عَلَى طَاعَتِكَ، وَأحْسِنْ عَمَلِي، وَاغْفِرْ لِي.

Аллах1 рез хил. Чог1 оьг1аз вахан тоха тухш зудчун. Ца хуааш йитан ю аьлс маситтоз Олхазар. Сун цкъа и йитлиин мадац.

Зудчунна етташ верг диканиг вац аьлла Пайхамара (Делера салават, салам а хуьлда цунна). Весет дахьара шена аьлла дехар динчунна, "ОьгIаз ма гIолахь", - аьлла весет дина Пайхамара (Делера салават, салам а хуьлда цунна). И весет кхозза а дина цо. Зуда йитарх берийн ловзар дар а бусалба стагехь догIуш хIума дац.
Шена тоха а тохуьйтуш, ша юьту дешнаш а олуьйтуш, шена шен хIусамда оьгIазвахийтар а бусалба зуда сийлахь йеш хIума дац. Мелхо а, чIогIа товш доцу хIума ду и, къилахь хIума хила а догIу и.
Ткъа къаьсттина хьайн хьолах лаьцна, хIай лераме ваша, хьайн хьал паргIат дийца йиш йолуш волчу хьайна тIекхочера дешна-стаге хатта. Цуьнан хьоьга дан хеттарш хир ду, ала хIума хир ду, хIусамнена хатта хIума а, шуьшинна дан хьехар а хила тарло.
Иблис толо Дала бакъо ма лойла шуьшинна.

Ассаламу 1алайкум. Т1е дог1ш дол среда бал бусс де ду бах (23 ноябрь 2016).Оц денах лаце дицахь х1уда дез, суннатехь делахь.

Ва Iалайкум ассалам. ХIумма дан ца деза.

Ассаламу 1алайкум! Маьждиг чохь ца1 ламаз деш ву цхьа 5 метар генахь ву и цун хьалхахул вала мегар дуй, из ишт генахь валахь, сутра яц цун хьалха хоттийн ? Минимальное расстояние мел ю хьалхахул дехь вал мегар долш?

Ва Iалайкум ассалам. Оццул генахь хилча мегар ду. Цо сужудана корта тухур болчу меттехь цунна хьалхашхула валар дика хир дац сутра яцахь, сутра елахь хьарам хир ду. Сутра дукха генахь елахь хьарам хир дац, амма ца валар дика хир ду. Доцца аьлча, сутра яцахь - дехьа вала мегар ду, цо сужуд деш йолчу меттигехула доцург, ткъа иза - дика хир дац. Сутра елахь - иза дукха генахь яцахь цунна а, ламаз дечунна а юккъехула дехьавала мегар дац, иза дукха генахь елахь - мегар ду, амма ца валар гIолий ду.
ВаллохIу аIлам.

Ассаламу 1алайкум! Азан деш долш ламаз да мегар дуй?

Ва Iалайкум ассалам. Мегар ду. Амма гIолий дерг азан дина даллалц ламаз дIа ца дехкар ду, азанан дешнаш тIаьхьара алархьама а, цул тIаьхьа деш долу доIанаш дархьама а.

Ассаламу 1алайкум! Масала ламаз хан хилла ровно, но азан деш дац маьждиг чохь муаззин т1аьхь вуьсш вукх. Цо азан даре ца хьоьжш хьалхар суннат да мегар дуй?

Ва Iалайкум ассалам. Билггал ламазан хан хиллий хаахь мегар ду. ВаллохIу аIлам.

السلام عليكم Са вопрос дlа кхаьчи? Я не умею норм пользоваться

وعليكم السلام
Хьан хаттар схьакхаьчча кхача-м, амма цунна жоп дала жимма хало долу дела Iийна со сихха хIумма ца олуш. Цу стага и зуда цига ца яхийтаран бахьана хIун ду хьаьжча дика хир ду цигахь, бакъонаш юьйцучул. Бакъонаш йийцар-къийсар тIедаьлча дика ца хуьлу доьзалера гIуллакх. Цхьа а бахьана доцуш хир ма дац цо иза цига ца яхийтар, хIуьттаренна валлаш хирг хир вац-кх иза, хIуьттаре еш хилча а цул хьалха цхьа хIума хилла хила деза цигахь. Цундела, бакъонаш йийцале-къийсале хьалха, цкъа доьххьара бахьане хьаьжча дика хир ду цигахь, хIунда, хIун бахьана долуш...? ТIаккха цу тIера дIа листа хьажа еза иза и хIума.
Мухха делахь а, сих ца луш, къийса а ца луш, деккъа таханлера цхьана дийне хьаьжна ца Iаш, тIейогIучу хенан ойла а еш (муьлхха а проблема цхьа хан яьлча дIайолу, тIехйолу, дIайоьрзу, дукха хьолехь йицлуш а хуьлу), паргIат некъ лелабе ала хьайн шиче.
Дала барт цхьаъ бойла церан. ВаллахIи, доккха хIума ду вайн доьзалшкахь боцу барт а, цунах хуьлу зен а.

View more

Next

Language: English